Ткъа дегlан лаамийн лай боккхачу кхерамехь ву, деган лаамаша муьлхха а лай тилаво.
Сийлахьчу АллахIа Давуд-пайхамаре (Делера маршо хуьйла цунна) аьлла: «...Дегlан лаамна тlаьхьа хьо ма вазалахь, цо АллахIан некъахь тилор ву хьо».
Шен дегlан лаамна тlаьхьаваьзначунна жоьжахатин кхерам бу, шен деган лаамах ларвеллачунна ялсаманица кхаъ бу.
Сийлахьчу АллахIа аьлла: «lеса хилларг, дуьненан дахар гӀоли хеттарг, цуьнан воьрзу меттиг жоьжахати хир ма ю, амма шен Далла хьалха хӀоттарх кхоьруш хилларг, шен дег лаамах (марзонах) юхатоьххарг, цуьнан воьрзу меттиг Ялсамане хир ма ю».