Iийде воьдачо дича дика долу хlуманаш (ádáбаш):
1. lийде вахале лийчар.
2. Духур хазаниг дохар.
3. Мархийн lийдехь, lийде вахале хурма а кхаьллина lийде вахар.
4. Сатесчахьана lийде воьдаш a, lийде дlа кхаччалц a, имам схьа валлалца аз айбина такбийрул-lийд сов даккхар. Ткъа цхьа болучу lелам нахана кхана lийда ду аьлча сарахь малх чу бузарца йолало такбийрул-lийд хан аьлла а хетна.
5. Мархийн lийда жимма тlаьхьа таттар, гlурбан lийданал a.
6. lийда дийнахь сагlа дала хьажар.
7. lийде дlа ваханчу новкъа доцуш, кхечу новкъа цlавахар.
8. lийде гlаш ваха хьажар, тарлуш делахь.
9. Зударий lийде богlуш оьзда духар доьхна хилар.
10. lийда ламаз дича бухахь соьвччара хутlбе ладогlар.
11. Дlаса довлале вовшашка марх къобал дар.
(Такъаббала-ЛЛохlу минна ва минкум) алар хилла и, йа шен къома маттахь хилла иза.