Лараме Райхан!
Ас даггара декъалйо хьо йинчу денца!
Хьайн ден, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийлахьчу новкъахь хьанал къахьоьгуш схьайог1уш йу хьо, лараме Райхан!
Хьайн вешина, Кадыров Рамзан-Хьаьжина, дика накъост а хилла лаьтта хьо, вайн махкана а, халкъана а хьайн ницкъ а, са а ца кхоош.
Лараме Райхан, ирсе а, беркате а хуьлда хьан дахар! Могуш-маьрша дуккха а шерашкахь йехийла хьо!
Ийман а, беркат а шортта лаьттийла хьан х1усамехь!
Боккхачу ларамца, Нохчийн Республикин Парламентан парламенташна йуккъарчу з1енашкахула а, къоман а, хаамийн а политикехула а, йукъараллин организацешкахула цхьаьнаг1уллакхдаран а комитетан Председатель,
Нохчийн Республикин Йаздархойн Союзан Председатель Ельсаев lаламад