Телеграм канал 'Ийманехь бераш кхиор'

Ийманехь бераш кхиор


6'644 подписчиков
596 просмотров на пост

Шун берийн хьекъалш а, кхетам а ларбарехь шуна г1о...

Кху чохь, Дала мукъ лахь, берашна а, дайшна-наношна а, шайн чохь бераш долчарна а, кхечарна а пайде дерг хир ду.
https://t.me/berashna_lerina
__________________________

Детальная рекламная статистика будет доступна после прохождения простой процедуры регистрации


Что это дает?
  • Детальная аналитика 5'830'974 каналов
  • Доступ к 1'533'798'153 рекламных постов
  • Поиск по 5'692'381'869 постам
  • Отдача с каждой купленной рекламы
  • Графики динамики изменения показателей канала
  • Где и как размещался канал
  • Детальная статистика по подпискам и отпискам
Telemetr.me

Telemetr.me Подписаться

Аналитика телеграм-каналов - обновления инструмента, новости рынка.

Найдено 214 постов

Жимчохь дуьйна ахь хьайн берана Ӏамийна йолу мультикаш, Ӏамийна йолу эшарш, иштта кхидӀа ахь цунна мел гайтина долу хьарам хӀума, и ишттанехьа хьох тӀехдаьлла дуьсур дац хьуна. Хьуна бекхам бийр бу хьуна АллахӀа цу хӀора хӀуманах!
https://t.me/berashna_lerina

Изображение
​​🔆Делан Элчанан, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, асхьабаш дукх жимчохь дуьйна lамабеш хилла шайн доьзал, нийса дерг, нийса доцург lамийна а ца lаш, жимчохь дуьйна марха кхаба а марза деш хилла цара шайн доьзалшна. Бера мац делла делха доладелча, кара ловзо хlума а лой, бера цунах lехадолуьйтуш хилла.

🔆Вай санна пхийтар ваьлла хилча а и доьзалхо, жима ву бохуш, йа мегар вац бохуш вуьтуш ца хилла. Жимчохь дуьйна, дийнахь сарралц ца кхабийтахь а, делккъалц мукъан хlума ца юуьйтуш марздан деза бер.

Бухарийн жайничура хьадисаш доьшучу 22гlа дарсехь:
https://t.me/berashna_lerina
Изображение

Фарукъа хӀинца шех иштта ала боху:

" Фарукъ- бакъо харцо къастош верг"

Екъ Фарукъ аьлла цӀе ма йаккха боху шех)

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «ПIераскан дийнахь суна салават диллар совдаккха аш! Бакъдолуш, хIинцца Жабраил деанера со волчу, нуьцкъала а, сийлахь а волу шен Дела волчара, цо элира (АллахI Дала боху аьлла): «Лаьтта тIехь цхьа а бусалба стага цкъа хьуна салават дуьллур ма дац, Соьгара а, Сан малийкашкара а цунна иттозза салават хиллий бен». ТIабара‌нийс дийцина и.

العقلاء
: 339 | на пост: 137 | ER: 49.5%
Публикации Упоминания Аналитика

lакъийдатан академис шен неlарш юха а дlайиллина, довда а довдуш дlадазло хlинца а даздаланза делахь, цу чохь оьцучу lилмано велавеш, велхавеш, дийца а ца луш цхьа тамашийна мерза ду иза.. цхьадолу lамийнарг хенаца дицлахь а, муьлхха а цхьа хьал тlехlоьттича «хlаа, хlарам тхуна академехь дийцина, кхузахь муха чекхвала веза хаьа» оли даг эхарш хуьлу дуккха а, шуна ца хаьа шеш мел ирсе хира ду цигахь доьшуш хиларна, кlирнах доьуза хьайн чохь lашшехь lилманан маджлис юккъахь хила аьтто бу хьан, малийкаш тlедотталой, синтем тlебуссу бохуш хаддаза массо а меттехь юьйцуш йолу, со ца кхоьу, болх-некъ бохуш цхьа а бехказлонаш леха а ца оьшуш массо а адам дlатийначу хенахь хуьлуш ду дарсаш, бакъдолуш ахь хьайн набарна цхьана декъах эца езаш ю уьш, амма цхьа хало ца хьоьгуш дин довза ца ло, са дуз ца ло, гай дуздо бохуш ма дойъу вай дийнахь 8-10 сахьт.. Аллахl воьвзура ма ву хьуна цу дарсашкахь, ткъа а цулла а коьрта а, мерза а хlун хира ду? синан кхача луш йолу, дегнашна синтем луш йолу ишкола ма ю и, мел хеста ярх кlордора доцуш, хестош мел олуш долу дош шех ала хьакъ йолу, ирсанан ишкола ю иза, Аллахlа цкъа а цуьнан марзонах дlа ма хада дойла вай, академи дlа къевлина аьлла къаьхьа дешнаш ма доьшийла вай цкъа а, Аллахlа кхин а дуккха а яржа йойла иза вайн къоман юккъахь, Аллахlа вайн юккъера жахlлалла йойъура йолу бахьна дойла цунах, Аллахlа пайда оьцитийла шен цигахь девзинчух дуьненахь а, эхартахь а цигахь доьшуш мел волу дешархога, Аллахlа къинхетам бойла вайн и дика динчух, Аллахlа массо зенах, зуламах lалаш войла вайна и йиллинарг, иштта вайн хьоме Шайх Вахьид а.

Ӏакъидатан Академи
: 5'107 | на пост: 1'337 | ER: 374.1%
Публикации Упоминания Аналитика
ХӀара ю дӀаязлуш йолу ссылка🔴

https://forms.gle/o3MDVXqFsbjiLWxr6

Хетарехь, цхьаболчара хьалхалера ссылка яржийначух тера ду, цундела ссылка дӀакъевлина карайо нахана.

СагӀано хьа даьхний эшош дацкх, сагӀа даккха а боккха аьтто хира бара и.

ХӀара мел гуш болу йижаршка боху

Вай вовше лулара зударшца барта бина, бераш марха досту дийнахь санна, царна хӀумнаш йоькъуш гӀурбана дийнахь дай вай иза? Царна вай Ӏийд де довзара, иштта дезара хира ду.

Тахана вай урамехь дахь иза, тӀе йогӀу хан юртахь, махкахь даьржара дара и.

Вай тӀе догӀу гӀурбана Ӏийд дийнахь, гӀурбанаш къобала дойла ала олуш царга ,вай вовше лула керта дахитча бера, барта бина вовше берашна хӀумнаш йоькъура ю аьлла, ма чӀогӀа дика хира дара и.

Шарикш ухкуш урам кеч бара 3шо хьалха цхьа урам бара суна гина, амма хӀокху шарахь хӀора юртахь ала мегар долуш даьржира и.

Иштта даьржара дара иза вай цкъа дӀадолийча

Ламазан дарсаш иштта суннатехь деана долу доӀанаш а.

Шаьш пайда эца, кхечарга а эцийта...
https://t.me/lamazandarsash


: 3'235 | на пост: 534 | ER: 52.6%
Публикации Упоминания Аналитика

819-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Кӏант доьзалхо хилийта деш ша-кепара доӏа дуй? Муха дан деза иза? Бух болуш дуй иза?

✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Голосовое сообщение, 21 сек.

Берашна 🎁

Видео/гифка, 72 сек,

2202 2062 8452 0777

Видео/гифка, 29 сек,
«Ахь иманехь дика кхиийна йолу йоl эзар кlантал а гlоли хила тарло-кх».

Шайх Фавзан (Дала къинхетам бойла цунах)
Изображение

Къонахий кхиош берш зударий бу

Видео/гифка, 713 сек, IMG_2068.MP4

Найдено 214 постов